Сайт школа МБОУ "СОШ с. Лаха-Варанды Грозненского муниципального района"

Нохчийн меттан дезчу денна жам1

МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ  УЧРЕЖДЕНИЕ            «СРЕДНЯЯ  ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ  ШКОЛА С. ЛАХА-ВАРАНДЫ
 ГРОЗНЕНСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО  РАЙОНА»

/366029/Чеченская Республика, Грозненского района, с. Лаха-Варанды, ул. З.Умаровой 5, тел.: 8 (928) 940-05-67

 

Нохчийн меттан

дезчу денна лерина Лаха-Варандарчу юккъерчу школехь

бинчу белхийн жам1.

 

Нохчийн матте болу безам а, маттаца йолу шовкъ а алсам яккхаран а, Нохчийн Республикан куьйгалхочун омра кхочушдаран а 1алашонца Лаха-Варандарчу школехь, массо а классан куьгахочо д1адаьхьира классан сахьташ. Диллина классан сахьташ дира хьехархоша Бачаева Каметас, Вазаева Фатимас, Исраилова Зайбуллас, Исмаилова Румисас.

Иштта ненан маттахь байташ ешарехь къовсамаш а бира. Цу къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира 5 классан дешархочо Баматгириева Маьх-аьзнис (хьехархо Бачаева К.С.)

Массо а классан дешархоша дакъалецира Нохчийн меттан дезчу денна лерина сурташ а, пенан газеташ а кечдеш. Пенан газеташ кечдаран къовсамехь хьалхара меттиг баьккхира 10 классан дешархочо Шуаипова Алинас (классан куьйгалхо Бачаева К.С.).

Иштта жигараллица дешархоша дакъалецира нохчийн маттах лаьцна сочиненеш язъеш. Цу къовсадаларехь хьалхара меттиг баьккхира 11 классан дешархочо Джамалдинова Зулихана (хьехархо Исмаилова Р.У.).

Школан библиотекан куьйгалхочо Туркаева Заретас кечйинера нохчийн яздархойн произведенийн гайтар. Киншкийн терхи т1ехь 1охкура Ахмадов М. жайнийн гуларш, Бексултановн М., Айдамиров А., Окуев Ш., Мамакаев М. иштта д1а кхи а г1арабевллачу нохчийн яздархойн произведенеш а, «Вайнах», «Орга», «Стела1ад» журналаш а, «Даймохк» газеташ а. иштта цо кечйира нохчийн яздархойн а, поэтийн а портреташ а.

Нохчийн меттан к1ира д1адерзош школехь х1оттийра синкъерам.

 

 

 

 

 

 

26.04.2014 ш.

 

Директоран кхеторан декъан г1оьнча:                   Исмаилов Р.У.